Абрамова, Ирина Олеговна

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Абрамова, Ирина Олеговна
Йина терахь 1962 шеран 16 сентябрь({{padleft:1962|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:16|2|0}}) (61 шо)
Пачхьалкх  ССРС Росси
Ӏилманан кхоче африканистика
Белхан меттиг РӀА Африкин институт, РӀА Президиум
Ӏилманан дарж Ӏилманийн доктор
Ӏилманан цӀе профессор,
РӀА корреспондент-декъашхо (2016)
Альма-матер М.В.Ломоносовн цӀарах МПУ Азин а, Африкин а мехкийн институт
Викилармин логотип Абрамова, Ирина Олеговна Викилармехь

Абра́мова Ири́на Оле́говна (йина 1962) — российн экономист, РӀА Президиуман декъашхо, РӀА Африкин институтан директор, РӀА корреспондент-декъашхо, экономикин Ӏилманийн доктор, профессор.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Йина 1962 шеран 16 сентябрехь.

1984 шарахь тӀехдика чекхдаьккхина МПУ Азин а, Африкин а мехкийн институтан социалан-экономикин факультетан Ӏаьрбийн дакъа.

1987 шарахь йаздира кандидатан диссертаци, тема: «ӀРМ урбанизацин социалан-экономикин баланаш».

1994 - 1997 шерашкахь — йехна йалийна лектор Тюбингенан, Бохуман, Гейдельберган (Германи) университеташкахь а, Сан-Галлен (Швейцари) университетехь а.

2011 шарахь чекхдаьккхира докторан диссертаци, тема: «XXI бӀешеран дуьненан экономикера Африкин ресурсийн потенциал (Дуьненан керлачу экономикин моделехь африкин мехкаш дакъалацаран эндогенан детерминанташ)».

2016 шеран 28 октябрехь харжина РӀА Глобалан баланийн а, дуьненайукъара йукъаметтигийн а декъан корреспондент-декъашхо, 2017 шарахь хаьржина РӀА Президиуман декъашхо.

Ӏилманан а, йукъараллин а гӀуллакх[нисйе бӀаьра | нисйе]

Африкин экономикин а, халкъабахархойн а баланийн РӀА Глобалан баланийн а, дуьненайукъара йукъаметтигийн а декъан коьрта говзанча.

2004 - 2005 шерашкахь дакъалецира Россехь а, дозанал арахьа а конференцешкахь, семинарашкахь, Ахча лечкъадарна а, терроризман финансаш латтайаран а дуьненайукъара программин гуран чохь Европин Кхеташонан экспертан хьолехь.

2004 шарахь йистхилира, хӀора шарахь Кембридж гӀалахь (Йоккха Британи) дӀахьуш йолу Экономикин зуламашца къовсам латторан дуьненайукъара симпозиумехь.

Российн а, дозанал арахьара а мехкашкара Ӏилманчашца цхьаьна 2005—2011 шерашкахь кеч а беш дӀабаьхьира аренийн талламаш цхьа могӀа европин а, африкин а мехкашкахь халкъабахархойн а, дуьненайукъара белхан миграцин а баланаш толлуш.

РӀА Н Африкин баланийн Ӏилманан кхеташонан декъашхо. Россехь а, дозанал арахьа а дӀайаьхьна 80 сов дуьненайукъара конференцийн а, семинарийн а декъашхо.

«Ази а, Африка а тахана» журналан редколлегин декъашхо.

Россехь а, дозанал арахьа а арахецна 110 сов Ӏилманан белхан автор, царна йукъахь 8 монографи.

Монографеш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Абрамова И. О., Поликанов Д. В. Интернет и Африка: параллельные реальности. М.: Институт Африки РАН, 2001. 180 с.
  2. I. Abramova, D. Magnusson et al. International experience in prevention of terrorist financing. (Международный опыт по предотвращению финансирования терроризма). Council of Europe, Moscow. 2005. PP. 1–400. (на англ. яз.).
  3. Абрамова И. О. Арабский город на рубеже тысячелетий. М., Восточная литература, 2005. 256 с.
  4. Абрамова И. О., Фитуни Л. Л., Сапунцов А. Л. «Возникающие» и «несостоявшиеся» государства в мировой экономике и политике. М.: Институт Африки РАН, 2007. 198 с.
  5. I. Abramova, C. Stoll, К. Tkachenko. Germany in Africa: reconciling business and development. (Германия в Африке: бизнес и развитие). M., Institute for African Studies. RAS. 2009. PP. 1–192. (на англ. яз.).
  6. Абрамова И. О. Африканская миграция: опыт системного анализа. М.: Институт Африки РАН, 2009. 354 с.
  7. Leonid Fituni, Irina Abramova. Resource Potential of Africa and Russia’s National Interests in the XXI Century. (Ресурсный потенциал Африки и национальные интересы России в XXI веке). M., Institute for African Studies. RAS. 2010, PP. 1–212. (на англ. яз.)
  8. Абрамова И. О. Население Африки в новой глобальной экономике. М.: Институт Африки РАН, 2010. 496 с.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьалха хилларг:
Васильев, Алексей Михайлович
РӀА Африкин институтан директор
2015—
Когаметтаниг: